По чеченскому языку ненан мотт кратко

Сочинение

Къамел дІадаьхьна «Вайнах» телерадиокомпанин

корреспондента Исраилова Яхас:

Маршалла ду шуьга, махкахой! Эфирехь ю: «Мотт – халкъан хазна», – аьлла йолу передача. Вай сих-сиха дІахьо уггар хазачу, хьалдолчу нохчийн маттана лерина йолу передачаш. ХІорш хІора дийнахь ярх а сов хир яцара, хІунда аьлча и вайн массеран а ненан мотт бу. ХІун хир ду цул хьоме дуьненчохь дехачу адамашна, нанас шен мерза Іаьнарца йовхо луш, аьхначу куьйгаца хьостуш болчу ненан маттал?

Нанас Іамабо берана шен оьзда мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна дІадолало дерриге а адаман дахар. Буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, вай даларна а, цамгаро лацарна а кхоьруш, шен гІийлачу узамца аган иллийца дІадижадо нанас бер. Ненан а, беран а марзо йоккха ю массо а исбаьхьаллел.

Нохчийн мотт къен бу, гІийла бу олу цхьаболчара. И бакъдац. Цунна гІело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хам ца беш. Ткъа школашкахь нохчийн меттан Іаматаш тоъалчу барамехь яц. ХІокху масех шарахь цуьнан балхам бо хьехархоша а.

Вайн Республикан Конституцин иттолгІачу статья тІехь билгалдаьккхина ду нохчийн, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш хилар. И ду цу шина а меттан цхьабосса бакъо хила еза бохург.

Амма кхин цкъа а хьахо лаьа суна, вайн ненан маттана мелла а гІело еш хилар. Ша вехачу меттехь хьалхара рагІ шен къоман метта хила еза, нагахь ша шен да, нана а ларахь, цара буьйцучу меттан сий а дахь.

Делан къинхетам бахьанехь, кІеззиг белахь а болуш бу ненан мотт кІорггера хууш, безаш, буьйцуш, шайна хуург халкъана дІакхачош болу нах. Царех бу меттан говзанчаш: Джамалханов Зайнди, Сумбулатов Дени, Гайтукаев Асламбек, Умхаев Хьамзат, Абдуллаев Леча а, Кацаев Сайд-Хьасан, Медигов Іалмирза а иштта дІа дуккха а кхиберш.

Тахана вайн передачехь дакъа лоцуш ву Куршлойн районан «Машар» газетан коьрта редактор, яздархо, публицист – Кацаев Сайд-Хьасан.

  • Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийцича бегІийла хир дара. Сайд-Хьасан, дош хьоьга ду-кха.

– Ненан мотт бохург доккха хІума ду. Нохчийн халкъан кица ду: «Мотт бу – халкъ ду, мотт бац – халкъ дац», – аьлла. Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а. Цхьаболу нах бу, шайн берана оьрсийн я ингалс мотт хиъчахьана, церан хІокху дахарехь цхьана тІегІана тІехь кхиам хилчахьана шайн декхар кхочуш хуьлу, шаьш шайн доьзал ирсе бо моьттуш. И бакъ дац, уьш Іехабелла, цхьана ханна тиларчу бахана бу.

38 стр., 18849 слов

Билеты по белорусской литературе

... высокую чалавечаю годнасць, гатоунасць да самаахвяравання. Была ж у С. магчымасць жыць,перачакаць вайну. Але не было магчымасцi выжыць, застацца чалавекам са сваiмi прынцыпамi. I менавiта ...

Вайн махкахь вевзаш гІараваьлла волчу поэта Цуруев Шарипа олуш дар-кха тохара, пачхьалкх кхуллу, аьлла, вай арадевллачу хенахь (бусалба пачхьалкх яра юьйцуш ерг, ткъа лелош дерг кхин дара), Шарипа олура: «Бусалба муьлххачу пачхьалкхехь а хила йиш ю, Россехь, Францехь, Америкехь а, гІаддайча, Іаьрбийн пачхьалкхаш ю бусалба дин лелош. Нохчийн пачхьалкх. Дуьнен тІехь пачхьалкх стенна оьшуш ю аьлла хаттар кхолладелча, уггар хьалха, шен мотт, шен культура кхио оьшуш ю и. Вайн Россех дІакъастаран Іалашо пачхьалкх кхоллар елахь, еккъа бусалба пачхьалкх кхоллар дуьхьа и оьшуш дац, оцу юкъахь Іашшехь а вайга бусалба дин леладойтуш ду. Амма вай дІа а къаьстина, я юкъахь долуш а, нохчийн мотт я нохчийн культура кхиош дацахь оцу пачхьалкхах а, кху республиках а дан хІумма а дац».

И чІогІа нийса мах хадор ду. Нохчий ца хилча, шен долчу къомах хаьдда, хІун до кху дуьненах а, лелочу хІумнах а? ХІун вахар ду и?

Вайн поэташа,чІогІа говза олу нохчийн маттах лаьцна.

ГІарабевллачу поэтийн – Арсанукаев Шайхин, Саидов Билалан, Дикаев Мохьмадан, Апти Бисултановн, Леча Абдуллаевн а – дуккха а стихаш ю ненан маттах лаьцна.

Суна таханлера сайн къамелехь нохчийн шина поэтан стихашца ала луур дара: Цуруев Шарип, Касумов Сайд-Мохьмад а. И шиъ сан хеннара, сан накъостий, доттагІий хиларал совнаха, поэт хьайна юххера вевзаш мел хили а, цо язйийриг дагах кхета хьуна. ТІаккха а, соьга, стаг дика вевзаш хилча бен, стихаш еша ца ло. Цо дуьйцучунна тІехь, и стаг вовзаро аьтто бо, дуьйцург бакъду я дац, цуьнан цІийца ду я дац хаа. Оцу шина поэто дуьйцург бакъ лору ас, церан стихаш даггара язйина хиларх теша со, суна дагах кхета уьш.

Шарипан «Нохчийн мотт» боху стихотворени тхо студенташ долуш язйина ю. Университетан учахь, арахь а цхьаъ нохчийн маттахь вистхилча эхь ду моьттуш хан яр-кха и, оьрсийн мотт бийцича дозалла ду хеташ. Къаьсттина зудаберашца йолчу юкъаметтигехь нохчийн мотт бийцича заманна тІаьхьа висина лоруш, атталгІа, дуьнен тІехь цхьаъ бен йоцу нохчийн кафедрехь болу хьехархоша а вовшашка оьрсийн мотт буьйцуш, чІогІа тамашийна хьал дар-кха кхолладелла.

Оцу заманахь язйина ю хІара стихотворени:

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.

Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш.

Нохчийн мотт гуттар а сан оьзда дозалла,

Іожаллин цамгаро дІалаьцна меттахь Іаш,

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина.

Цу маттахь некъа дош дадас а кхайкхийна,

Цу матто уггар а гергарчу сан синна

Со генахь цхьаъ висча дог ойла айина.

Касумов Сайд-Мохьмадан, доций а долуш, дуккха а довха дешнаш ду нохчийн маттах лаьцна.

Таханлерчу дийнахь чІогІа мехала маьІна долуш хета суна уьш. Ас сайн къамелан юьххьехь аьллачунна тІедоьгІна а ду хІорш: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац», бохучунна.

Сан гІаддайнехь со дІаволла,

Вайн мотт байнехь къам дІадолла.

Кегийрхошна лерина ду ала мегар ду уьш. Баккхийниш шайнччул дуьне гина бевлла, хиндерг цаьргахь дац, кегийрхошкахь ду. (Амма баккхийчийн сийлахь декхар ду, шайн дайша шайна санна, нохчийн мотт тІекхуьучу чкъурана бухабитар.) Ткъа кегийрхоша шайн ненан мотт дІалелош, цунах дозалла деш ца хилча, и мотт кхуьуш бац, баьржаш бац.

26 стр., 12756 слов

Истина принадлежит человеку, заблуждение — его эпохе

... субъективной сторон Готовые работы на аналогичную тему Курсовая работа Истина и заблуждение 480 руб. Реферат Истина и заблуждение 250 руб. Контрольная работа Истина и заблуждение 200 руб. Получить выполненную ... христианство, как, впрочем, и любая другая религия, ограничивает человека в его свободном выборе и поэтому делает его менее свободным. Действительно, утверждают атеисты, как можно ...

Сайд-Мохьмадан кхайкхам бу:

Ас хьоьга сайна цІе тилла вола ца бах,

Ас хьоьга сайна той хІоттаде а ца бах,

Ас хьоьга Даймохк хьайн безахьа бах,

Ас хьоьга ненан мотт биц ма бе бах.

Кхузахь «Даймохк» а, «Ненан мотт» а куьцана вовшах тасархьама далийна дац, амма Даймохк, Ненан мотт а цхьаьна бен хила йиш йолуш дац.

Вайн махкахь хилла тІемаш, тІехІоьттина хало бахьанехь дІабахана дуккха а нах бу. Дуьненан аьтто лоьхуш дІабахнарш а бу царна юкъахь.

Оцу цІера бевллачаьрга санна ду поэтан хІара дешнаш:

Ненан мотт язло сан цІийца,

Ненан мотт бека сан сица,

Сан бакъо ю иза бийца,

Сан бакъо ю цунах дийца,

Амма яц бакъо и хийца.

Имам Шемалан тІом дІабаьллачу заманахь Хункар махка а, цигара дІа Іаьрбийн мехкашка а дІабахана нах, шаьш бусалба пачхьалкхе кхачар бахьанехь, цхьана-шина чкъуро нохчийн мотт ларбина, амма таханлера церан тІаьхьенаш, дукха хьолахь, наггахь верг воцург, я дешна воцург, я баккхийчех воцург, нохчийн мотт хууш стаг вац царна юкъахь. Тахана Европехуле, Америкехула дІабахана болу нехан ойла йича, цхьаъ-шиъ чкъор хийцаделлачул тІаьхьа, керста пачхьалкхашкахь-м муххале а, церан гІиллакхашка а бирзина, церан культуре а бирзина, уьш дІабарна кхерам боккха бу. (Оцу пачхьалкхаша кхидолу къаьмнаш тІелацар нохчий безаш я Африкехь шайн хиллачу колонешкахь лелийначунна дохкобовларна дац. Церан Іалашо шайн махкахь адам дебор ю. Хьо муьлхха къомах велахь а, хьан тІаьхье шайн къомах хир ю, боху цара.)

Нохчий биса цхьа агІо ю церан, хьалха дІабаханчеран ца хилла аьтто. Тахана хІара дуьне мелла чехка далар бахьанехь, вовшашна тІекхача машен, кема, цІерпошта, телефон тоха аьтто хиларца, Интернет хиларца, шен нохчийн мотт ларбан йиш ю оцу дІаваханчу стеган.

Эмигранташна юкъахь вай дуьххьара дац, тІаьххьара дац. ТІаьххьарчу шерашкахь Европехь мелла а дика хьелаш кхоьллина тІебаьхкинчарна шайн мотт, культура а ларъян. Берашна школашкахь Іамо а йиш ю, ден-ненан хьекъал а кхаьчна, бала хилчахьана.

Цхьаболчу вайнехан Іедал ду, ша юкъахь вехаш волчу къоман мотт хиъчахьана, берана атта хир ду, бохуш, чохь а нохчийн мотт ца буьйцуш. Оьрсийн, немцойн, ингалс кхиболу а меттанаш мел шера хаарх, багахь со нохчи ву бахарх, нохчи хуьлуш вац, нагахь санна нохчийн мотт хууш вацахь, нохчийн гІиллакх лелош вацахь. Хьо муьлха къоман векал ву къасточех, уггар коьртачех цхьаъ, – мотт бу. Хьуна я хьан берана нохчийн мотт ца хаахь, хьо француз, испанхо милла кхиверг а ву, нохчи вац. Цундела бохург санна ду Сайд-Мохьмадан хІара дешнаш:

Ма гІолаш, ма хьолаш ненан мотт шайца,

И бийца йиш йоцуш бовр болчу метте.

Ма гІолаш, ма хьолаш ненан мотт шайца,

И бийца стаг воцуш лийр болчу метте.

Адам, дуьненан аьтто бахьанехь, я таро йоьхна, я Iожаллин кхерам дІабаллалц цІера валар а ша ду, амма стаг гуттаренна аьлла, шен махках ваьлла, дІахада ца веза, хІунда аьлча и стаг шен ненан маттах, шен дайн гІиллакхех, шен бух тІера дІаволуш ву. Бух тІера дІаваьлча хІун хуьлу адамна? ЦІенойн тхов а лаьттар бац, бухахь бух боцуш. Цкъа мацца а тІебужур бу и, махо ласта ма бинна.

Дала тІаьхье беркате йойла-кх вайн.

  • Сайд-Хьасан, кегийчу наха олу нохчийн мотт хала бу, чолхе бу, бийца атта дац. Дуккха шераш ду хьо кхолларалийн балхахь волу. Нохчийн маттахь язъеш болчу могІанца, олучу дашца хало хуьлуш, ницкъ хуьлуш хІумма туса а лой хьуна?

– Сайна ала луучунна дош ца карош ца висина со къамелехь, йозанехь а. Сайна цхьанна нохчийн мотт дика хаа бохург дац сан и. Нохчашна юкъахь къамелан говзанчаш дукха хаабелла суна, яздархой, Іилманчаш а шайх Іама мегар долуш. Къа ца хьегча хІумма хуьлуш дац кху дуьненчохь.

5 стр., 2088 слов

На ингушском языке эздел

... еще неоткрытой наукой. 2. Фарал/ Благодать А. Х. Танкиев Эздел- Ингушская Этика- Ингушская Этика Сочинение на ингушском языке на тему эздел Духхьашха нус гучаяккха болхаш, хьош хиннад 1а1а, дошо г1оз е ... лела бар. Уж болча эздий доаца дош ца оалаш, мотт хоза бувцар. Хьай ханнарачунца а леладе деза эздел. Хье волча веча веза хьаьша ваь ларх1а веза. ...

Ас школехь хьехархо волуш дуьйна зийна хІума ду и. Сан дешархой оьрсийн, гІалгІазкхийн, эрмалойн бераш дара, кхечу къаьмнех а. Кхетамна жимма тІаьхьа дисина, цомгашчу берашна лерина школа-интернат яра иза. Оцу берашца (дІадаханчу бІешеран дезткъолгІа шераш ду уьш, нохчийн мотт ГІалахь я Гуьмсехь а школашкахь Іамош боцуш хан ю иза), ас хІетахь директорх, завучах дага а ваьлла, сайн лаамца йолийна эксперимент яра и, оьрсийн меттан, литературан а урокан параграфаш хьалха йохий, царна дийца дезарг сихха дуьйций а волий, мукъадевллачу сахьташкахь царна нохчийн мотт Іамош. Куршлойн-эвлара хьалхарчу школера тишъелла, юьстахъяьхна йолу абат книгаш еана, нохчийн маттахь оцу берашна еша Іамийра ас. Мел хазахетара царна, мел доккха хІума хетара царна шайна нохчийн маттахь еша, хабар дийца Іаьмча.

Оьрсийчунна, гІалгІазкхичунна а, гІезалочунна а, кхечу къомах волчу стагана а Іемаш болу нохчийн мотт, нанас дена вина волчу нохчий стагана, нохчий берана Іемар бац бохург и бакъдац. Вайн къоман кхетам тІаьхьабисина хиларе терра, Москварчу Іедална гергахь «диканаш» хила гІерташ болчу хьакамаша (къаьсттина дешаран системехь болчара) дуьйцучух тешна, дайша-наноша, шайна цахаар бахьанехь, цхьа хІумнаш леладо, тхан берашна школехь нохчийн мотт ца оьшура, царна нахана юкъа бевлча бийца оьрсийн мотт безара, бохуш.

Мила ву тахана вайна нохчийн матте довла дуьхьало еш?

Уггар хьалха вайн къомах болу чиновникаш бу-кх!

Россехь дуккха а къаьмнаш ду, Советийн заманахь дуьйна, шайн маттахь юьхьанцара школаш йолуш. ЦІера дахале вай а хилла. Луларчу ДегІастанахь дуккха а къаьмнаш ду цхьана Республикехь дехаш, шайн маттахь школаш йолуш.

Цхьана а кепара шен маттана барна кхерам боцуш йолу Росси а, къийсам латтош ю Украинехь, Прибалтикехь, кхечахьа а оьрсийн маттахь йолу школаш ларъян гІерташ.

ЮНЕСКО-н талламашца дуьненчура бан кхерам болчу меттанех дІатоьхна бу нохчийн мотт.

ХІетте а, нохчийн маттахь йолу юьхьанцара школа, Нохчийн Республикехь дехаш долу вай, тахана а и оьший, ца оьший, бохуш, книгаш юй вай, яций, бохуш, ян а йоцу дуьхьалонаш хІиттош, къуьйсуш Іаш ду.

Тахана а нохчийчун коьртехь сом ду.

Вайх къам маца хир ду? Дерригенан а коьрте нохчийн мотт хІоттийча. И сом ненан маттахь а даккха йиш хилар кхетам кхиъча. Нохчийн мотт хиъча бен кху махкахь сом даккха а, ваха а йиш йоцуш хьелаш хІиттийча. ТІаккха хир ду-кх вайх къам.

Цу дерригенах а кхеташ болчаьрга ладогІа ца лаьа вайна. Хьаькамашна и оьшуш дац (ца лозу корта бехкар ду и царна), халкъана ша хІун дан деза, шена хІун оьшу а ца хаа. Хьекъал долчу нахе вай ладугІуш а дац.

Мацах Абузар Айдамиров а (Дала гечдойла цунна) хьийзаво бохура партин райкоман, обкоман а пленумашкахь: шена оьрсийн маттахь язъян ца хаа дела, нохчийн мотт дІабаьлча, шен книгаш цхьанне ца эшарна кхоьруш ву иза, бохуш.

Абузарна-м хаара оьрсийн маттахь язъян, шайна и мотт хаа моьттуш болчарел а дика. Амма иза нохчийн яздархо вара, и нохчийн халкъан яздархо вара. Цундела цунна халкъо нохчийн мотт бийца а, доьзалш нохчийн маттахь кхетош-кхио а лаара, дешар, Іилма а, вахар а, хьалхара безам бийцар а, тІаьххьара весет а. шен книгаш ешар а – оцу маттахь.

16 стр., 7596 слов

Літаратурны аналіз камедыі Кандрата Крапівы «Хто смяецца апошнім»

... Янкі Купалы (1974) за п'есу «Брама неўміручасці». Хто смяецца апошнім, в сокращении. Краткое содержание Дзеючыя асобы: Гарлахвацкі Аляксандр ... Кастрычніцкай Рэвалюцыі, Чырвонага Сцяга, Працоўнага Чырвонага Сцяга, Айчыннай вайны II ступені, Чырвонай Зоркі, Дружбы народаў і медалямі. ... страхам, што ў Варонежы, дзе сапраўды ў гады грамадзянскай вайны ён працаваў, быў з такім прозвішчам дзянікінскі палкоў ...

Иза хІора стагана шен доьзалехь лаа дезаш дерг, диса дезаш дерг ду.

Деле-м дерриг а цхьана къомах, цхьана тайпанах а кхоллалора вай. Дала боху Къуръана тІехь: «ХІай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах, зудчух а; шу халкъашка, тайпанашка а декъна, вовшашна довзийтархьама».

Вовшашна довзийтархьама бохург хІун ду?

Вовшех марзо, пайда эцийтархьама, гергарло леладайтархьама.

Амма и гергарло тахана Россехь дехаш долчу массо а къомах оьрсий хилча хуьлуш дац. Росси – Америка яц.

Америка европейцаша оцу мехкан бухболу къаьмнаш, тайпанаш а хІаллакдеш кхоьллина ю. Тахана а бац уьш шайн махкахь цхьа а бакъо йолуш.

Оцу харцонна Дала беш бекхам хета суна цигара бохамаш а. Сирникийн беттанаш санна цІенош дохош, отуш, тхевнаш тІекІел кхуьйсуш, машенаш, дитташ тІома дохуш дарц-мехаш, хьаннаш йогуш, хиш тІедуьйлуш.

Латтано геч ца до харцонца, ницкъаца а схьадаккхар, аьлла америкин сийлахьчех цхьаъ волчу яздархочо Фолкнер Уильяма.

Американ аборигенаш тахана а бакъонаш йоцу нах, изгойш, обаргаш бу шайн махкахь. Шайн чохь а нийсо еш йоцу Америка дуьненахь а демократи чІагІъян гІерта.

Россехь долу къаьмнаш манкурташ дац. Уьш шайн дай баьхначу латта тІехь дехаш ду. Россехь бух боцуш (кхечахьа шайн пачхьалкх йолуш, и шайн Даймохк а лорурш) бу тахана Россехь бух болу къаьмнаш кхиа ца дуьтуш, царна, оьрсашна а юкъа питанаш туьйсуш, вовшашка цабезам кхуллуш. Россино Американ эшаме политика схьаэца ца еза. Россин вахархочун шен цІахь бакъонаш хьаьшна хилча, шен ненан мотт бийца, Іамо а таро ца хилча, дехьа-сехьарчу регионашкахь а ша сов вуй хоуьйтуш хилча, – иза цу пачхьалкхан гражданин ларар дац.

Россин ницкъ – къаьмнийн дукхаллехь, церан цхьатера бакъонаш хиларехь, массо а къоман мотт ларбарехь, къаьмнийн гергарлонехь бу.

Адамийн, къаьмнийн гергарло ницкъаца, герзаца а хуьлуш дац, доккхачу къомо жиманиг охьа а таІийна. Адамийн, къаьмнийн а гергарло – церан маршо, юкъара машар а ларбаран политикица кхуллуш ю. ХІора стаг ша-ша вуьсуш, ша муьлха къомах ву, ша хьанах схьаваьлла, ша мила ву хууш, тІаккха кхечу къомаца долу гергарло лелош. Уггар хьалха шен мотт хаа беза адамна, цул тІаьхьа меттанаш дукха мел хии а дика ду. Шен махкахь да воцчух, Даймехкан муьлхха маьІІехь а цІахь санна воцчух, цу махкана тешаме стаг хир вац, оьшучохь шен са дІадала а кийча. Кхин цхьа масал далор ду ас. Индера цхьа студент вевзинера суна Махачкалахь, хІинцачул а ткъех шо хьалха. Цунна Индера къаьмнийн кхоъ-биъ мотт хаара: хинди, урду кхиберш а. Школехь дуьйна ингалс мотт хаара цунна, Росси схьавеанчул тІаьхьа оьрсийн мотт Іамийнера цо, Махачкалахь университетехь доьшуш хиларе терра, жІайхойн мотт а. Нохчийн мотт Іамош ву ша, элира цо. ДІадуьйцучух кхетара иза, дуьхьал къамел дан жимма практика еза шена, бохура цо. Хьекъал долу стаг иштта хуьлуш ву, шен бух тІера дуьйна.

Стаг шайн къоман мотт хууш, буьйцуш а хилча гергара хета хьанна а. Россин цхьана а регионехь дац школашкахь я лаккхарчу дешаран заведенешкахь а РФ-н къаьмнийн меттанаш Іамош. (ХІара тІемаш бевллачул тІаьхьа Россин леррина йолу службаш ю нохчийн мотт Іамош. Амма и диканна Іамош бац, гергарло чІагІдан лерина Іалашо а яц. Нохчийн цІарах муьлхха а доьхнарг дан аьтто бу цара лоьхург.)

19 стр., 9135 слов

Методы управления и совершенствования организационной культуры (2)

... Пуфендорф (1632-1694 гг.) Организационная культура В первые о факте организационной культуры высказались1938г. Ч. Барнард, однако специально ею занялись только в1980-е гг. В США под влиянием исследований в области теории ...

Стаг мел воккха Іилманча я говзанча хиларх, муьлххачу даржехь хиларх а пайда бац (боций вайна хаа хиъна хІинцалц схьа!), иза Нохчийчохь кхиъна вацахь, нохчийн мотт хууш, безаш вацахь, Нохчийчохь цо, хьацар дІа а хьоькхуш, тІекІел биллина тІулг бацахь. Мел воккха турпалхо хиларх а, стагах дан хІума дац, цуьнан цІийца нохчийн мотт бацахь, цунна шен истори ца хаахь, шен къомах дог ца лазахь – иза шен халкъана, махкана пайде-м муххале вац, мелхо а ишттачарах пайда оьцу вайн махка зулам дохьучара. Тахана, Дала мукъалахь, цхьа нисделла, тоделла дІахІуттуш ду вайн дахар. Беркате новкъа девлла вай. Дала аьтто бойла вайн.

– Амин. Сайд-Хьасан, хьуна баркалла, Дела реза хийла передачехь дакъа лацарна. Нохчийн матте безам болчуьнга бен и тайпа къамел далур дац, хІунда аьлча, ша нохчи ву бахарх тоьаш дац, нохчийн мотт цІийх боьлла дагчухула чакхболуш вацахь. Цундела ахь дина долу къамел мелла а мехала хир ду вайн ладогІархошна. Кхин цкъа а хьуна баркалла.

  • Дела реза хийла хьуна а.

– Ненан мотт хаар, Іалашбар а вайн массеран а декхар ду. Цуьнан дозалла оза хир дац дуьненчохь цхьа а терза. Терзан барамца нисбича а хир бу иза массо хІуманал беза. Литтина деши санна цІена, мазал мерза, ховха, аьхна вайн мотт бийца хьекъал, кхетам а лойла вайна. Дала шен шорта болчу къинхетамца даржехь са дохийла вай. Аша ладуьйгІира «Мотт – халкъан хазна» аьлла йолчу передаче. Передачехь дакъа лецира Куршлойн районан «Машар» цІе йолчу газетан коьртачу редактора, яздархочо Кацаев Сайд-Хьасана.

2008